Cурат ал-Ихлас by Islaman serlo   8 год. назад

491,793 просмотров

3,007 Likes   107 Dislikes

Ссылка на видео. Код для вставки.

112-гIа сурат

«ал-Ихлас» («[Динан] цIоналла»)

(Маккахь я Меднахь доссийна, диъ аят ду)

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.

1. Ала: «И АллахI - Цхьаъ ву,

2. Шех тоам болу АллахI ву И.

3. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И,

4. Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а».
____________

«Ала», шек а воцуш, хьайн дешнаш бакъ хиларх тешна а волуш, церан маьIна хууш а волуш:

«И АллахI Цхьаъ ву» - вуьшта аьлча: Цхьаъ ву И, Цуьнан хаза цIераш а, куьцаш а дуьззина, сийлахь, кхачаме ду.

«Шех тоам болу АллахI ву И» - вуьшта аьлча: Цуьнга боьрзу массо а шайн доллучу дехаршкахь (хьашташкахь).

Стигланашкара а, лаьттара а берриге бахархой уггаре лакхарачу даржехь хьашт бу Цуьнга, доIанехь Цуьнга гIо доьхуш а бу уьш, хIунда аьлча Цуьнан дерриге куьцаш дуьззина а, кхачаме а ду.

Дерриге хууш ву И, дуьззина а ду Цуьнан хаар.

КIеда ву И, кхачаме а ю Цуьнан кIодалла.

Къинхетаме ву И, массарна а кхочуш дукха бу Цуьнан къинхетам.

Иштта ду Цуьнан дерриге куьцаш а.

Цуьнан Делаллин кхачамалла дуьззина хилар гойту «Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И» бохучу аято. Цундела цхьа-цхьаьнга а хьашт долуш вац И.

«Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а» - вуьшта аьлча: цхьа а вац Цуьнца нисвала Цуьнан цIерашкахь а, куьцашкахь а, гIуллакхашкахь а. Сийлахь-Воккха, Беркате ву И!

Чаккхе еш ала мегар ду: дийнна хIара сурат кхайкхош ю Делаллин цIераш а, куьцаш а цхьаьна АллахIан хиларан Iилманан агIо.

(Маккахь я Меднахь доссийна, диъ аят ду)

Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.

1. Ала: «И АллахI - Цхьаъ ву,

2. Шех тоам болу АллахI ву И.

3. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И,

4. Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а».


загрузка...

Комментарии

Похожее видео

Новости